Жуг1ар-б1аьргаш
Х1айбате хьуна хетийта товш духар духу,
Схьахоржу керланаш херцайеш аг1онаш,
Хьан самукъадаккха лууш иэсан чу дуг1у.
Вайшиъ цхьаьнакхетаран хан а ларъйеш,
Боларан к1еда тата ца хеза техьа бохуш,
Хьоьжу хьоьга дог деттадалар дагардеш,
Жуг1ар-б1аьргашна, халла синош дохуш.
Сан дог нажан кора оганаш долуш хилча,
Атта уьш хьоьга бен деллалуш хир дацар,
Диллича хьан баьргаш делалуш схьагича,
Сол ирсе дуьненчохь кхи цхьа а хир вацар.
Г1еллура вац со лоьхуш хьан деган дог1а,
Карийча, наггахь бен доцу зураб хьоьстуш,
Дожа ца деш, мел тохарха к1оранан дог1а,
Т1еххаза сирла къайле цхьанне а йоьстуш! (С) 28.01.23.
Свидетельство о публикации №123031208625