Х1уш!

Ворх1 шо кхаьчна, жима волуш,
Аьхкенан мелачу махо хьестош,
Урамехь буьрка а идош воллуш,
Йо1 йара йог1уш чъаба лестош.

Иза гича д1атийна инзарвелира,
Йохьсибат цуьнан, хийтира хаза,
1ада а вина  буьрк карар йелира,
Иштта исбаьхьа сурт дара ганза.

Йуьхь т1ера хьацар д1ахьаьккха,
Вахара со иза мича йоьду хьажа,
Х1уш духку Бабийца хан йаьккха,
Еънера йо1 Ненананна т1ехьажа.

Синтем байра, йо1 а гуш г1енахь,
Х1уш эцарах бахьана а кхуьллуш,
Кест-кеста воьдара, хьажа дагахь,
Цуьнан сийна б1аьргаш, дуьйлуш.

Йо1о делла х1уш, кисан доьхкича,
Дог детталора доккхадеш доьлуш,
Цуьнан Бабас, х1уш схьадоьхкича,
Де хетара ахча дожийна, доьлхуш.

Аьхке идира, безамо ойла ловзош,
Ца дуу х1уш жима гале гулделира,
Ц1еххьана йайра ио1 дог къовзош,
Ураме ца волуш кхо бутт а белира.

Жима ву а къена ву а, ца хоьржуш,
Безамо шен дашо пхерчий кхуьссу,
Йицлура йоцу аьхке йаре хьоьжуш,
Иштта беза пха лаца даго сатуьйсу! (С) 17.07.22.


Рецензии