Д1адахнарг
Д1адахначуннах парг1ат, дог таханна даьлла,
Дин-чунна а аьлла-чунна а со дохко ца вийла,
Т1ехдика, хьакъ долу д1адахнарг, д1адаьлла.
Буьйсанна бутт гучубаьлча, цунна велакъежа,
Сан дуьхьа лерг хьостуш, зарзар дека доьлча,
Уггаре а исбаьхьа седа хоьржуш стигал хьежа,
Иракарах1иттуш цуьнца дагара дийца воьлча.
Бах1аннаш гуш вац, хиллачух вас йолуш хила,
Къаналла еъча а хира ву, волчулла куц долуш,
Мехкарий а гуттара, т1аьхьа ида мега, г1ийла,
Суна, г1о дан лууш халла некъал дехьа волуш.
Дахар 1аламат инзаре х1ума ду-кх бакъдолуш,
Амма ду схьахетарехь мелла делахь а ловзар,
Лоьхура ду кхана а сайн ирс сатийсаме волуш,
Хиларна, кхаж боьжна а лама вовшеха довзар! (С) 20.02.23.
Свидетельство о публикации №123031208148