Бакъдерг

Жима волуш, кест-кеста баккхийчаьрга хаттар,
Муха 1алур ву ма-дарра бакъдерг ца дийцича?
Ца дезча х1ан-х1а  баркалла, олуш, д1ататтар,
К1алд тессин ах1ар худар хьалхахьа диллича!

Б1аьрга 1оьттин п1елг гур боцу бодане 1аьржа,
Кхо уьстаг1 бигна лулахо, тебаш гира, селхана,
Цхьаъ цуо схьабелира, сиха д1а-схьа хьаьжжа,
Пурба дац олуш цхьанга а хьахо гинарг тахана.

Корана к1елахь бакъдерг  сатассалца дилхира,
1уьйран наь1 йиллича иза сихха мара иккхича,
Лаьллина къуьнан кхаъ шех кура д1атуьйхира,
Бакъдерг хийца деши лахь а, вац  аьлла кийча.

Шек д1а-а вац, мекара нах схьахьежарха гома,
Шалхонаш лело-чуьнца уьйр йохайо, хадайеш,
Ницкъ белар ледара нах хьокх ластош стомма,
Лахка цера лараш йойуш къонахий ц1е айаеш! (С) 25.02.23.


Рецензии