К1айн гаьнгали
Сайн йезар гира, 1аламат самукъадолуш,
Ч1об санна тассавелла, гаьнгалин генаха,
Тобалкх а луш велакъежира йеза из олуш.
Лерга делхош, цуо соькан мохь хьаькхара,
Ма г1ерта новкъа буьнжоьлаг аьлла хехка,
Д1авала хьайн сийначу зезагца т1аьхьара,
Кхун аг1ора г1уллакх дац деса дарц лехка.
Самаиккхича кор делхош дарц дара уг1уш,
Дагадеара, иштта г1ан дуьхьал ца тисийта,
Лехча цхьанхьа хилахь к1айн гаьнгали гуш,
Диг диттина, дамар дарц цунах д1атисийта.
Ирча г1ан д1адийцича, йезачу йо1е тахана,
К1еда схьахьаьжна йелайелар из меллаша,
Элар цуо, хьо сингаттаме хила дац бахьана,
Вайшина уьйр йохор йац 1овдалчу г1енаша! (С) 28.02.23.
Свидетельство о публикации №123031207994