Совг1ат!

Дойур дац денош, хьал сайна хьулдеш,
Йуьхалург йуь кховдина дуьненан беш,
Хьомечу бешахь лела  стоьмаш гулдеш,
Деза декхар  сайха латийна воккхавеш.

Реза ву кхи-а ваха, дег1  къандаллалца,
Д1адахана  де, суьйренна дага а уьхуш,
1уьйрен дуьйнахь суьйре  т1ейаллалца,
Сихха сайн 1индаг1ан т1аьхьа а уьхуш.

Чолхе ду махетта, д1анисда  шен дахар,
Кхолламан нийса некъ  беза схьакъаста,
Т1ехдика совг1ат ду-кх, дуьненчу вахар,
Билггал кийча вац, цуьнца д1асакъаста! (С) 21.02.22.


Рецензии