Нохчийчоь!

Сан Нохчийчоь, кху дуьненчу кхоьллича,
Хьо гича, хьошаллица  сирла йекхайелла,
Дог парг1атделира ахь со  маравоьллича,
Марша вог1ийла  аьлла к1еда йелайелла.

Жима со волуш, кхиийна ахь г1айг1анца,
Дикачу Ненан мерзачу безамца хьестош,
Марзвеш хьайха, олхазарийн г1овг1анца,
Ширачу назманашца нохчийн ага лестош.

Хьоьца цхьана  мел ву, ваьхна со маьрша,
Говза ахь Дайн хаза г1иллакхаш хьоьхуш,
Хьанал рицкъ  суна кхийдадеш комаьрша,
Уггар а дикаха, исбаьхьа тачанаш лоьхуш.

Нехан махкахь х1уна ас хийла сатийсина,
Хьо бен кхин х1умма а дац бохуш оьшуш,
Хьоьца воцуш хеталуш, байлахь виссина,
Вайн  вовшахкъастаро ойланаш хьоьшуш.

Хьой сой шиъ хиларха, билггал ву тешаш,
Безам бу  вайшина цхаъ, шолг1а ца лоьху,
Хийра мехкашха цкъа а хилла вац вешаш,
Кхолламера хьо бен сайна хазна ца йоьху.

Хан йеъча 1ожалло  лахьтане со такхийча,
Ма йелхалахь Нохчийчоь  дог1а хаддалца,
Стигал къекъош, самаваккха йолуш кийча,
Дицдай  со ца г1аттар къематде  даллалца! (С) 09.03.23.


Рецензии