Безамо хьоьстийла шу
БЕЗАМО ХЬОЬСТИЙЛА ШУ
Дахаран аьхналлех хьоьгуш а доцуш,
Хуьлийла ирсах аш хоьттина тай,
Сингаттам йа бала дагчохь а боцуш,
Беркатах тиллина безаман т1ай.
Тешаме, беркате гуо шуьйрра лоцуш,
Маьрша нах х1уьттийла 1алаш дан шу,
Хьаг1-гамо лелайан зулам дай боцуш,
Даг чохь малх лепийла эшийна хьу.
Кхетачу малхана дуьхьала доьрзуш,
Даггара олийла:- "Реза ду тхо!"
Бетта нур , седарчий шу корехь ловзуш,
Дахарах даккхийдеш ирс шоьца го!
Декъала хуьлийла йиша, йо1, Нана !
Кхин цкъа а ма гойла, доьлхуш шун дог,
Ирсаца буьззина хуьлда шун кана,
Аьттонца, боккхийла, аш х1ора ког!
05. 11. 22ш./ 04. 03. 23ш.
Свидетельство о публикации №123030405673