Нохчийчоь сан деган 1ийжам
НОХЧИЙЧОЬ - САН ДЕГАН 1ИЙЖАМ
Нохчийчоь - турпалхой ахь хийла кхиийна,
Сий лардеш, цара хьо даимма ларйина,
Хийлаза мостаг1ий - хьо йожо г1иртина,
Амма хьо къарйелла гуора ца х1оьттина!
Нохчийчоь - хьан лаьмнаш къежделла лаьттина,
Халонаш 1овшарна шабина г1орийна,
Хийлаза шовданаш, хи лаккъалц дилхина,
Шера хьан аренаш - молханах лилхина!
Нохчийчоь - доьналлех цкъа а хьо ца йоьхна,
Турпала къонахий лай хилла ца эгна,
Йижарийн сий лардан, Ненан дош айдина,
Вайн дайша 1амийна г1иллакхаш лелийна!
Нохчийчоь - йамартло хьан сица ца хилла,
Тешнабехк бина ахь мостаг1 ца вожийна,
Къонахчун дош лелла, шен дошах жоп делла,
Къонахчо деллачу дошах нах ларбелла!
Нохчийчоь - мостаг1чо, мосазза йагий хьо?!
Хийлаза к1иллошка тешнабехк байтина!
Маршонах ца йала къовсаме йаьлла хьо,
Хьайн мехкан сий дина, Нохчийн ц1е ларйина....
02. 11. 21./ 14. 02. 23ш.
Свидетельство о публикации №123021806170