Хийцамаш
ХИЙЦАМАШ
Заманца деригге хийцалуш го,
Т1ебог1у доттаг1ий хийцалуш,
Ойланаш , амалш а хьан хийцало,
Хиллачу хийцамах ийзалуш.
1алам а замано хуьйцуш ду вайн,
Шелонца йовхо йу хийцалуш,
Дахаран некъаш ду хийцалуш дайн,
Ца лов и, б1аьрахиш 1ийдалуш.
Ненаца х1уттуш ду дахаран т1ай,
Даккхийдеш деха вай и мел йу,
Кхолламо йуккъера хадийча "тай",
Дахаран марзонех хиэдаш ду!
Оьздачу Ненан куц вай диц ца до ,
Цуо бинчу кхачан чам биц ца луш,
Ховхачу дагчохь и вай лела йо,
И мел йу, ирсан дай хеталуш!
01. 11. 21ш. / 15. 02. 23ш.
Свидетельство о публикации №123021806132