Ойланаш
ОЙЛАНАШ
Вовшашца къовсам сов болий,
Цкъа а ца доьрзуьйтуш дов,
Хьекъалца, дог карзах долий,
Цаьршимма вовшен йо чов!
- "Дог, суна, хьо бале даьлла!..
Х1оьттина хьал к1ад а дой,
Хьо бахьнехь, тилла со лаьлла,
Йуккъахьдерг ахь лачкъадой!"
-"Хьекъалехь гуттар ду х1илла," -
Дегбаам бой, доьлху дог.
-"Къинхетам бевзаш ца хилла,
Кхолламо тухуш шен ног*."
Цундела кхоллало ойла,
Хадабеш х1оранна мах,
Дог ду вайн - марзонан г1овла,
Ткъа хьекъал - кхетаман къахь!
( ног - крутой поворот судьбы)
04. 06. 21ш. / 04. 10. 22ш.
Свидетельство о публикации №123021502866