Ненан мотт - делера совг1ат
НЕНАН МОТТ - ДЕЛЕРА СОВГ1АТ
Мах хадо хьан воьлча, - хадо мах боцуш,
Йахь йоцчу наха хьан, сий дойъур доцуш,
Хан сий дан хуун берш, Нохчий бен боцуш,
Ненан Мотт - Нохчашна Делера Совг1ат.
Хьо ларбеш Нохчийчо са кхоор доцуш,
Аганахь хезна мотт хьо бен, кхин боцуш,
Турпалхо, хьоьца бен, кхуьийла доцуш,
Ненан Мотт - Нохчашна Делера Совг1ат.
Хьо буьйцуш чорда дош ала лур доцуш,
Хазалла йуста хьан - Нана бен йоцуш,
Хьо бийца хьакъ волчо, сий дуожор доцуш,
Ненан Мотт - Нохчашна Делера Совг1ат !.. .
12. 01. 23ш.
Свидетельство о публикации №123021407878