Ненах йо1 къастар

Хьамзат Зубайраев,
Раиса Абубакарова - / Джабраилова./

НЕНАХ ЙО1 КЪАСТАР

Йоккха стаг д1айаьлла маьршачу х1усамехь,
Йеса а доьшуш т1ехь, гечдойла бохуш.
Т1аьххьара ламаз ди эзарни гуламехь,
Гергарниш хьийзаш бу  саг1анаш дохуш.

Маьхьарца лела йо1, узам бо йелхарехь.
Тийжа и, сагатдеш,  кхалхарна нана,
Хьехардеш зударша  хазацкха белхарехь,
Хьийза йо1 б1арзйелла, базбелла бала.

Кадамна т1евеъна б1аьргех хиш ледадеш,
Воккха стаг вистхили:-"Ирс йа1 хьан!"-аьлла.
Нана хьайн, доггаха куьг хьокхуш лелайеш
Кхалхарна, хьайн марахь, хастам бе Далла.

Бакъ ду, тхо бехк боцуш, дехира махкаха
Дедай тхан баьхначохь йохийна 1ойла,
Доьхура дега ас : - " Балеха дахахьа!"
Ткъа, цунна ирча сурт дацара гойла.

Нанас куьг лаьцна сан,  мохк бита дийзира,
Т1е-кога схьаэца ца  ларош цхьа а,
Йух дог1ур-ца дог1ур ца хууш тийжира,
Белхарца, ца тарлуш,  кийра и бала.

Немцошца мохк къуьйсуш, веллашехь сан дада,
"Йамарт ду махкана !"-аьлла ц1е кхоьлли,
Г1ум-Азехь далийта базбина тхан бала,
Хийла да, йоцуш ч1ир лайла д1авоьлли.

Шелонехь, г1елонехь, дан амал а доцуш
Лаьттаха йаьккхинчу тоьли чохь 1ара,
Йалтеха цкъа кхаллал цхьа  буьртиг а боцуш,
Сайн нанна и лаха  волура ара.

Г1ело сов хиларна  цамгаро лецира,
Уллохьа 1уьллура сан г1ийла нана,
Орцанна г1о иэшна, садаьгна хьаьвзира,
Б1арзйелла суна, и, йелира ара.

Г1елйалар шен ца гуш тиекхара и лайлахь,
Мохь тоха, чу йало дацара г1ора,
Т1екхача стаг воцуш виснера со байлахь,
1адийна, суо волччахь х1оьттина гуора.

Т1аьххьара бисна ницкъ дег1ера гулбина,
Со ара текхира, схьайало нана,
Арданга йоккха йу, чалхана гуо бина,
Ницкъ бац сан, д1алахка, и ж1аьлеш акха.

Даь1каш а  йацара карайан йисина,
Воккхавеш карийча куча цуьрг йисна,
Лай т1ера  ц1ий-1овраш сай куьйга хьистина,
Чувирзи, куча цуьрг, йиллина кисна.

Йовха чохь нана хьай лелийна хьо йели,
Ахь х1умма ца дитна цо шена доьхург,
Б1аьннашкахь адамаш орцаха а девли,
Ирс ду хьан, барз бу хьан, ас г1енах лоьхург.

Б1аьрг боьлхуш, 1ийжаш дог лела со сайн нанна,
Йисинчу кучах цуьрг лелош сайн киснахь,
Ойла йо нах гича борза т1е баьхкина:-
"Иштта барз хирбара со махкахь виснехь"...

Эхь хетта хьаьвзи йо1.   Ч1икъ боккхуш кхин ца го,
Кадам беш, массара цуьнан  дог хьаьсти,
Дехарца,  массо а къинт1ера ваьккхи цо,
Собарах ца йухуш ненах йо1 къаьсти.
1. 01. 2023ш.


Рецензии