Туьйране керла шо

Раиса Абубакарова - / Джабраилова. /

ТУЬЙРАНЕ КЕРЛА ШО

Туьйра санна зама йог1уш,
К1ай йеш бошмаш, аренаш,
Г1ура Дада вайна вог1уш,
Синтем байна, йу хьийзаш.

Хета седа суна лепа,
Шен дато нур 1енадеш,
Ткъа ойла йу кхийдаш гена,
Стиглахь батто нека деш.

Буьйса суна йоца хета,
Гуонах массо ирсе го.
Бахьна цунна х1у ду? - кхета,
Деъна кхаьчна керла шо.

Бамба санна ло ду дог1уш!
Марша да хьо, керла шо!
Адмийн дегнаш маьрша дохуш,
Марзо ч1аг1йеш, безам луо!

1алам вайна карзах даьлла,
Шо т1еэца - кеч делла.
1аьржа бода гена баьлла,
Мел ца тайнарг лахделла,

Марша йа хьо керла зама,
Сатийсина керла шо,
Ирсе даха  тхо деш 1ама,
Са мел теснарг тхуна ло!

25. 11. 21ш / 31. 12. 22ш.


Рецензии