Бехк-эшам
БЕХК-ЭШАМ
Бусулбан доьзалехь дуьненчу ваьллехь,
Вайн Дала къинхетам бинчех ву хьо,
Дуьненан рицкъанах чам кхетта леллехь,
Къа доцуш дахарехь цависна хьо.
Дахарехь гал-морзах вуьйлуш хьо-ъ лелча,
Кхечарна билла бехк хьо сих ма ло,
Реза ван хьажалахь Дела а, Элча,
Хьакъдолчу йалсамане воьрзур ву хьо.
Кхеталахь, дуьненчохь зуьйш ву хьо Дала,
Харжийта, дика-вон некъ битна цо,
Дуьненчохь ца гулбеш эхартан бала,
Вайн Далла дуьхьала йуьхьк1айн хьо г1о.
11. 01. 23ш.
Свидетельство о публикации №123021407746