Хаза буьйса
ХАЗА БУЬЙСА
1аьржа буьйса, даржош дарий,
Ког байбина йог1уш йу,
Батто къагош сирла аре,
Шен дато нур 1енош ду.
Седарчий ду стиглахь ловзуш,
Цхьацца седа бодий бов.
Кийрара сан бала 1овшуш,
Хьоьжуш цаьрга, йоьрзу чов.
Дерриг дуьне сайн ма хета,
Суо цхьаъ йисча тийналлехь.
Тоьшалла деш 1алам хета,
Мелчу мохан шур-шурехь.
1аьржа буьйса, буьйса хаза,
Ма товш ду хьан беттаса,
Сан сингаттаман и заза,
Ницкъ кхечи хьан даьлла схьа.
07. 02. 22ш. / 08. 11. 22ш.
Свидетельство о публикации №123021407684