Берзан хьехам

Раиса Абубакарова - / Джабраилова. /

БЕРЗАН ХЬЕХАМ

Дахарна шен к1еза кечдеш ду барзо,
Хьехар деш, уьстаг1ий гойтуш цо эли,
-" Мерза ду жижиг цу уьстаг1ийн  алий,
Хьайх д1а ма  йаккхалахь лулахойн марзо.

Д1о лаьттарг жа1у ву, г1аж йу цо лелош,
Г1ожах хьо ларлолахь - оьг1азе лестош,
Герз хуьлий х1утту и иэшначохь, ларош,
Уосал ма гайта хьо, жа1у хьайх велош.

К1езанна  ж1аьла ги,  и доттаг1 хийти,
Шен къамел долий цо, ж1аьла а гойтуш,
-" Ж1аьло со дуьтур дац мацалла лойтуш!..
Вайх тера ду ж1аьла ," -  аьлча,  борз кхийти.

-"Сан к1ант, ладог1алахь! - хьехар до барзо,
- " Цунах ларлолахь хьо, гергарло доцуш,
Вайх тера и хилар, ду,  бале лоцуш,
Ж1аьла вайн доттаг1 дац, йац вовшен марзо."

-"Дахаро зийнарг ша, хиллера  кхеташ,
Собарца тидам беш, мах хадо беза,
Ца девза ж1аьла вай 1аддита деза,
Дахарехь, кхерамах, лардала 1емаш."

Йахь йолчу нахана, бу, иштта хьехам,
Эцийта тидаме хьехамаш берзан,
1амийта лардала шалхонех нехан,
Муьлх-муьлха адамах бац тахна тешам.

31. 12. 22ш.


Рецензии