Делера совг1ат

Раиса Абубакарова - / Джабраилова.

ДЕЛЕРА СОВГ1АТ

Дог иэккхал бала лай, хи дожарх б1аьрг ларбеш,
Дог а сайн лечкъади, доьхна ца гайта,
Доггаха доьхура, х1ора к1ант 1алашвеш,
Толаман бакъонца шен ц1аверзийта!

До1анаш д1ахезна, саг1анаш т1еиэцна,
Вайн Дала совг1ат ди, зулам  дерзийна,
Массарна кхаъ хилла, т1еман г1ирс д1аиэцна,
Маьршачу дахаре вайн некъ берзийна.

Шу марша дог1ийла Даймехкан турпалхой,
Мел гинарг, мел лайнарг шун йоле дойла,
Кхин цкъа а ма гойла б1арзделла дай-наной,
Ц1аванза висна к1ант декъала войла!

Вайн дахар тодойла, хилла зие дицдина,
Йог1учу замано диканца оьцуш,
Вай чевнаш йоьрзийла цатемаш бицбина,
Сирлачу дахарехь цхьа бохам  боцуш!..

04. 11. 22ш. / 06. 11. 22ш.


Рецензии