ШЕЛО
ШЕЛО
Дика-вуо дуьненчохь ганза ца долу,
Мел доккха во дарах, соцуш йац хан,
Уггаре безначех йаьлла шо кхочу,
Сан ирсах дисна го цхьа доца г1ан.
Дохдала тигац сан, шу доцуш ц1ено,
Шо зама, б1арзйелла, йели сан д1а,
Хетало, хийцина сан дахар хено,
Шелбелла сан кийра, тардина - "1а".
"Са, шеке хилла-те?!.. " - ойла йо хийла,
-" Эхартан кечам беш хилла-те шу?!.."
Йахначу цу хене, хьоьжу со г1ийла,
Мел гинчух, аш битнарг, шайх безам бу.
Шайн доьзал нисбарна, хьакъ т1ера даьлла,
Хьаьжи ц1а - кхаьчна шу, фарз кхочуш деш,
Марзо аш латтийна, хало сов йаьлча,
Йиш-ваша т1еозош, царна там беш.
Марда сан, марнана, "БаркАллах1!" - шуна,
Дуьненчохь йитарна шайх сирла лар,
Даггара аш марзо йаларна суна,
Дазделла шух йалар, шу кхин ца гар.
Коша барз д1анисбан, шу каш т1е хуттуш,
Байбина буьллу ког, дай хьоькху куьг,
Шух къастар ла ца луш, ирсе хан луьттуш,
Чарташна доьхку ас баьццаран цуьрг.
Йа Аллах1 доьху Хьоь, къинхетам бехьа,
Шайх йала йиш йоцурш декъала бай,
Йаьккхина мерза хан беркате йехьа,
Каш-лахьтий муьт1ахь де, йал кхочуш йай!..
08. 11. 22ш.
Свидетельство о публикации №123021407190