АС ЙИНА ОЙЛА

Раиса Абубакарова - /Джабраилова./

АС ЙИНА ОЙЛА

Башха йу ойланаш хан йоцчу хенахь,
Инзаре сурт хоттош б1аьргашна ган,
Г1енаш сан баттаца ловзуш ду - генахь,
Наб йайна йуьтуш со б1аьрг бетташ 1ан.

Кхул хаза кхин буьйса цахилла гойла,
Эзаршлахь гинчарах данне  дац сурт,
Батто шен нур даржош, кхоллалуш  ойла : "
Ца 1ебаш, и худуш, къеги-те йурт?"...

Кхечаьрга дустийта мел гинарг тховса,
Туьйране сан буьйса, ган накъост вац,
Седарчаш кочар деш, гуо бинчу говза
Батте со мел хьежарх сурт к1ордош дац.

Тайна ду беттаса, бакъ ду и, амма
Аьхка а шело йу цунах йуьсуш,
Ойла йеш, доьлху дог:  "Йог1ур йу зама,
Ишттачу шелонга сан са д1ахьуш !"...

04. 11. 22ш. / 15. 12. 22ш.


Рецензии