Къинт1ера йала

Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

КЪИНТ1ЕРА ЙАЛА

Йоьхна хан хилла и, хала хан хилла,
Цул т1аьхьа дахарехь хийла хан тилла,
Х1онс лаха, буожарий, махкаха бовлуш,
Гуьйренца ц1абоьрзий, доьзал шайн кхобуш.

Ишттачу шерашкахь, цхьа къуона миска,
Х1усамда  кхелхина, к1ант кхобуш йисна,
Де-буьйса ца лоруш, цунна ша йецаш,
Ца йууш, ца молуш, цуьндуьхьа йехаш.

К1ант кхиъна. Хьал-бахам т1еаьшна царна.
Терго шен цайарна,  тишйелла Нана,
Тобанца, рицкъ лаха воьду ша аьлла,
Вахна бах ненан к1ант, махкаха ваьлла.

Нанна ша букъ тоьхча, шай-кай сов йаьлча,
Цу махкахь дахар шен пайдане  даьлча,
Беъна некъ бицбелла, йицйелла  Нана,
Ц1а верза дицделла, буьзча шен  - "кана".

Шерашца йукъметтиг
цигахь шелйелла,
Къуоналла д1айахна, месаш къаьжйелла,
Сиркхоно ша лаьцча, сахьийза даьлла,
Кхин цхьанне ца иэшча, ойлане ваьлла.

Чамда а гулйина, ц1а веъна т1аккха,
Йисна шен хан-зама  ненаца йаккха,
Къухдаьлла лаьтта керт, да-нана даьхна,
Лулахой ца бовззал, кхиъна йурт - ваьхна.

Шен тиша керт гича, б1аьргех хиш дохуш.
Къанйелла йараш шен куьйгашца йохуш.
Чувеъа Нанна к1ант. Чохь хьал ду г1ийла,
Нана йу, г1аддайна, тапп аьлла тийна.

Т1аьххьарчу синошца, шен нана йайча,
Пенат1ехь д1авоьдуш  хилла сурт дайча,
Гор воьжна, даьхна цуо, Кхоьллинчу Деле:
-"Т1аьххьара марзо шех, иэцийтахь - Нене!"

Воьлхуш к1ант хезча шен, б1аьрг айби халла!
Къевлича ша мара, хастам би Далла!
Ткъа к1анта дехар деш, элира Нене:-
"Марзонан хан йахйар, деха вайн Деле!"

Шен корта ластийра,: - " Йуьхь йац кхин деха,
Иштта а къинхетам хийла би соьха...
1ожалла д1ататта, ас Деле даьхна,
Х1усам сайх йисале, к1ант гайта баьхна.

Кешнашка йигале,  барам а лаьцна,
Лаам бу, т1аьххьара, ламаз а иэцна,
Мел лайнарг, хьо бахьнехь, диллича кхеле,
Балеха витар хьо, диеха вайн Деле.

Х1онс хьуна гулйи ас, д1ахьажал  коре,
К1айн, жима йовлакх ду, теттина соне,
Мацаллах ларва хьо, хало ца гайта,
Шад бина лелийна ду и ца дайта..."

Йаанза, маланза, хийлаза 1ийна,
К1антана сом гулдеш, г1ело ловш хийла,
Амма цо шерашца гулдина ахча,
Йиш хилла-кх цу к1ента,  дийнахь а даккха.

Шен карахь кхелхина, ша вина Нана,
1аьржачу лахьтийчу,  кховдийча - кхана,
Кошан барз тобина, борза т1е воьжна,
Ша кхелхаш даьхна цуо: -"КЪИНТ1ЕРА ЙАЛА!.."

17. 09. 21ш / 05. 02. 23ш.


Рецензии