Стела1ад
( Димаев 1елина лерина)
СТЕЛА1АД
Оьздачу дех бисна некъ даг чу лаьцна,
Айина, дас йитна, йаккха шех ц1е,
Дей-буьйсий цалоруш халкъана ваьцна,
Иллешца ойуш "Са" доьхначохь де.
Хьан иллеш декарехь тхан лерехь дисна,
Вайн сийлахь илланчаш олу уьш д1а,
Х1ора а иллех шен сирла лар йисна,
Дахарехь, хан йаларх, йоврйоцу цхьа.
Токкаев Сулиман, Мовсар Минцаев,
Виц лур вац тхан дагна Усманов - цкъа,
Тамара, Марем а, иштта бу дуккха...
Ирс хилларш, хьан иллеш кхачадан схьа.
Кхоьллина ахь тоба, тхан дагчохь йисна,
"ЗАМА" - ц1е, йицлур йац, йаларх а хан,
"ЛАИЛАХ1А ИЛЛАЛЛАХ1" -тхан даг чохь дисна,
Тоьллачу иллийца далийна ахь!
Замано ха-харцарх, паналле йолуш,
Т1аьхьарчу -т1аьхьаьнца вуьсур ву хьо.
Димаев 1умар к1ан, хиллера - бохуш,
Шех йитнарг, Сийлахь Ц1е Йаккха Бакъо!
1ела, хьо вахалахь "Стела1ад" - санна,
Бодане де хуьйцуш - серлонах хьайн,
Атта дац дахар вайн, цхьаъ бакъ ду, амма -
Иллешца ницкъ ло ахь, некъ харжа тхайн!
22. 10. 22ш. /25. 10. 22ш.
Свидетельство о публикации №123021407003