Шелделла дог
ШЕЛДЕЛЛА ДОГ
Къегина малх ца гуш, хьаьрчи дохк-марха,
Довхачу кху дийнахь г1орош сан кийра,
Орцаха кхачале, ваккха хьо хьалха,
1ожалло ийци д1а, тухуш ка шийла.
Беранна везаш верг Далла а везар,
Дахар хьох дисале, теш хилла х1оьтти,
Т1аьххьара дайна сурт, - беро хьан хьестар,
1аьткъина, сан даг чу сингаттам боьсси.
Со муха х1уттур ву, доттаг1, хьан керта?
Ас муха байбир бу кийрара бала?
Мел хьалхе дийзи сан т1етесна верта: -
"Вайн Дала гечдойла!" - т1аьххьара ала.
Йа Аллах1, Хьо гуш ву, тхан йоьхна ойла,
Оьздачу доттаг1чух къастарна тахна.
Йиш йоцуш диси тхо, шуьнехь кхин гойла
Доттаг1а, лахьта хьан хуьлийла аьхна!
( Джансуев Асхьаба ц1арах. Доттаг1чунна, Сурхона лерина дешнаш.)
04. 09. 22ш. / 10. 02. 23ш.
Свидетельство о публикации №123021406685