Тини вуьсас 1аьржа хожи баьккхина корта

Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ТИНИ ВУЬСАС 1АЬРЖА ХОЖИ БАЬККХИНА КОРТА

Сан Даймохк, вонаш ахь лайна цахиллехь,
Хада лур бацара диканна мах,
Наноша шайн ага эрна техкийнехь,
Бийца бух боцуш хьан хир бара нах.

Дукха бу, ахь лайна баланаш бийца,
Доьналлах ца духуш даьхна сан къам,
Мел лайна халонаш йоьлча со йийца,
Б1аьрхишца бузур бу Къоьзанан 1ам.

Нохчаша  маршонна даьккхина латта,
Ког биллал меттиг а ц1ий 1аьнна  ду,
Цунах шайн са далар дозалла хетта,
Майралла къийсина мехкан дай бу.

Тептарш схьакегийча, ган,- мух1ар тоьхна,
Тинин к1ант Вуьса ву, хьакъ долчух - цхьаъ,
Дедайша вуьйцуш и, дикка ла доьг1на,
Цхьа дийцар довзийтар, бу суна кхаъ.

Ширачех ду дийцар, йаханчу хенах,
Нохчаша, лаьмнашца, ч1аг1о йу йеш.
Жима а, воккха а 1аржлуччу хенахь
Къаьмнашна лета т1е, уьш къахкабеш.
 
Ижуна теба и сира борз санна,
Бог1ий ца хоуьйтуш, т1елатар дой,
Мохк къовса доьналла шайца хиларна,
Схьабоккхий, и ларбан, х1итта бо хой.

Къамнашна йуккъехь ду латарш д1адоьлхуш,
Теркана к1ел-аг1ор бохуш бу уьш,
Цул т1аьхьа, кхерста къам, хьала а г1ерташ,
Тийсало, Нохчийн къам   эша ца луш.

Эскар шен гулдина, чаг1алкхаш санна,
Т1ом кхайкхош схьакхочу и ног1ий хан,
Эрна ц1ий ца 1ено къовсамехь аьлла,
Хожийца лата барт хили Вуьсан.

Латар дац аттачех, ницкъ  белла  Дала,
Доьналлех, майраллех цхьаъ эшна вац,
Эскар ду го ларбеш. Орцаха вала,
Г1о даккха йиш йолуш царах цхьаъ вац.

Дохк-мархий ва санна вовшаха ийна,
"Терсмаймал"-ц1е йолу даьккхина тур,
Къовсамехь, царах цхьаъ вуьсур ву дийна,
Висинчо - шеца бу толам буьтур.

Ц1оьнтарна, Г1оьрдална йуккъехь бу къовсам,
Къовсамна биллинарг нана-мохк бу,
-"Ша эшахь, махкана, хир бу-кха хьовзам,
Хьовзамах ларвала со хьожур ву!"

Ойланца:- "Сан эша йиш ма йац!" - олий,
Ног1ий - хан, тур тухий, гор вожаво,
Шун Хожи корта бу баьккхинарг олий,
Эскарна, эшам шайн д1акхайкхабо.

Доьналла, майралла къоман сий лардеш,
Мостаг1на гайтарца шайгара ницкъ,
Д1абахна  Ден-дай вайн маршо ларйарца,
Дахаран кхачийча лаьттат1ехь рицкъ.

Масала эцалаш, дозалла делаш,
Мостаг1на гайталаш вайн къоман йахь,
Даймохк вайн ларбелаш, дайн ларам белаш,
Т1аккха бен хир бац вайн лаккхара мах.

11. 05. 22ш. / 13. 02. 23ш.


Рецензии