Нохчийн мотт, ма 1елахь
Довр дац хьан цхьа а дош, йа аз йиш хаьлла.
Б1ешерийн к1оргенехь ахь кхаьбна маь1на
Дуьненна девзаш ду, мехала даьлла.
Йог1ур йу хьо буьйцуш, хьо ойъуш зама,
Хьан дешнийн кхетамаш схьабостуш, 1ама.
Нохчийн мотт, хьо йу-кха дог 1абон марзо,
Хьоьца ду къонахийн стогалла йовзар.
Дендайша сий ойъуш, ларби да1 санна,
Д1аийна хьан т1амарх церан оьздалла.
Къам кхуллуш хаза мохк, мерза мотт белла,
Церан чам бицбинарг дакъаза ваьлла!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №123020902510
Раиса Ворфоломеева 09.02.2023 09:51 Заявить о нарушении