Йахь йолуш кхиийна к1ант
(Заураев Абубакари к1антана Джамбулатана лерина)
ЙАХЬ ЙОЛУШ КХИИЙНА К1АНТ
Б1аьргара хиш гайта , нахах иэхь хеташ,
Бала бу сан кийрахь цхьа а ца кхеташ,
Сатоха мел вуьйли, даг чу ц1е леташ,
Кхерста ц1е, дег1ах сан, к1антах сайн къаьсташ.
"Джамбулат, дуьненчохь вац!" - соьга аьлча,
Сирла малх макхбели, шийла кхаъ кхаьчча,
Хьох виса к1ант воцуш, хьан зуда йисча,
Ши йо1 ахь, дог хьаста, да воцуш йитча.
Хьаьнга ас деха жоп, мила ву бехке?
Кхин суна йохйелла йог1ур йац аьхке,
Д1айели, кханенна сан хилла токхе,
Дахар хьан доьзалан даларна лазме.
Бода бу х1оьттина, марха йу йеъна,
Адам ду гулделла керт, урам буьзна,
Хезашдерг:- " Кхоам бу, лахьтийчу вилла,
Оьзда к1ант дас-нанас кхиийна хилла."
Дахаран дика-вуо довзийта г1ерташ,
"Шен дешан да хилар," - жоьпалла гойтуш,
Сан хьехам д1аоьцуш гуш, ваха 1емаш,
Лелара дозалла, хьох, дагчу къуьйлуш.
Хьаьстина, хьаьгина кхин т1е ца уозош,
Нохчалла, готтачу хьан кийра йуьллуш,
1амийча, ваха хьо, хьайн ц1е ца йожош,
Кхелхи хьо, т1емлошна, чекх са ца гойтуш.
Амма бу дагчохь сан базбелла бала,
Хьох къастар ца лайна, гуш ду и Далла,
"Де безам бовза йиш хиллий-те? " - хатта,
Ца лари. Ца кхии 1ожаллах ваккха.
Азаллехь са кхуллуш Везачу Деле,
Йоца хан йехна-те, йилла и кхеле?
Сирла лар йита хьайх, ца хьоьжуш хене,
Аьлла соь:- " Йиш хилча вер ву со з1ене!"
22. 01. 23ш.
Свидетельство о публикации №123020407522