Къизаллийн 1944 шо
КЪИЗАЛЛИЙН 1944 ШО
Чиллин бутт кхечи т1е
1аьнан куц дайъина.
Тхан дагчохь йогу ц1е
Хено ца йайина.
Дуьхьала лаьтта де,
Шелонна ц1ийзина,
Багара йала 1аь
Ца йиссал хьийзийна.
Шийла 1а, къоьжа 1а,
Цу шарахь къаьсстина,
Дарделла кхечи схьа,
Къинхетам байъина.
Гоьллал сов тесна ло,
Тхан ц1е-к1ур байъина,
Хьийзош ду 1едало,
Доцург т1аьхь кхоьллина.
Махкаха дохуш ду,
Тхан 1ойла йайъина,
Шалонаш йуттуш йу,
Бала бу х1оттийна.
Т1е-кога схьа ца ло,
Хьайн чуьра, гулйина.
Чуваха чуоь ца ло,
Г1ум-Азе далийна.
Дависа хьан дахар,
Нохчашна гатдина,
Ду теша хьо дезар,
Маршо тхох йаьккхинарг.
Ц1ена дог гайтарна,
Хьаг1-гамо леци-те,
Мехка сий лардарна,
Махкаха дехи-те.
Дависа харцо хьан,
Къаьмнашт1аьхь кхоьллина,
Ч1ир аьцна, лиъна ган,
Мел лайнарг нисдина.
Тхайн махка балийнарш,
Шайн ц1ент1е берзийна,
Гур дуй-те хьегийнарш,
Дайн керта берзийна.
02. 02. 23ш.
Свидетельство о публикации №123020407449