Бекалахь, нохчийн мотт

Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

БЕКАЛАХЬ, НОХЧИЙН МОТТ

Бекалахь, Нохчийн мотт, хьо т1ома балий,
Т1ам тухуш къаьмнашна т1ехула хьовзий,
Вайнеха куц долу оьздалла гайтий,
Хьо дагах кхеталахь цхьа  илли алий.

Бекалахь, Нохчийн мотт,  бацалахь ловзуш,
Зезагех уггаре хазаниг хоржуш,
Дуьненан хазалла к1орггера гойтуш,
Хьо безаш буьйцучун сий, ларам  бойтуш.

Бекалахь, Нохчийн мотт, хьо стигла  балий,
Цу маьлхан з1аьнаршца дешеха къагий,
Дог лозуш, хьан къина воьжнариг хьастий,
Хьо мара хьарчалахь  маршалла хаттий.

Бекалахь, Нохчийн мотт, боккха го баккхий,
Хьайн ларам, доьналла дуьненчохь гайтий,
Хьаг1-гамо къаьмнашна йуккъера йаккхий,
Барт-марзо ч1аг1йелахь дарбане балий!...

10. 04. 21ш./ 04. 02. 23ш.


Рецензии