Нохчийн туьйранаш
Цунах тида доккха маь1на ду.
Хетар доцуш цкъа а хийра цхьанна,
Чулацаме, дегнех кхеташ ду.
Бераш 1ехадаллал, дог г1аддаххал
Туьйранашца сирла ойла ю.
Гонахьара 1алам, адмийн дахар,
Олхазарш а, дийнаташ а го.
Чолхе хиларх, ладег1а дог дог1у.
- Кхин д1а х1ун хуьлу те? – сагатдо.
Бакъонехьа къийсам латтош волчу
Турпалхочух беро ойла йо.
Адамашна сийлахь пайда эца,
Вуонал дика толар ч1аг1дина,
Юкъаметтиг муха латто еза,
Гойтуш, оьзда г1иллакх айдина.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №123011804329