63 Заь1апчу берашна

Къоначу ден-ненан дахар зуьйш Дала,
Цхьаболчу доьзална башха бер делла
Дег1ера мерза са дерриг д1адалал,
Кийрарчу сих хьарчош, доьналла делла.

Синтемах каетташ, хьовзийча б1аьрза,
Сатухуш, доьналлех Нана ца йаьлла.
Шекйоцуш, йу иза кхолламна реза,
Еха и дуьненан зовкхаш дицделла.

Х1ун дийр ду бер кхуллуш йаздина хилча,
Цамгаро заь1апа амал кховдийча,
Иштта кхаъ кхолламо кховдийна хилча,
Цу беран некъана хьаькхна сиз хилча.

Лазаман йозалла белшаш т1е йилла
И лазам беллачо нанна ницкъ белла.
Безамах дуьзна дог кийрахь ду ненан,
Кхоччуш къахета шен башхачу берах.

Цу беран г1айг1анна дог лозуш денна,
Стигалан 1аьршашка до1анаш хецна,
Дуьненна къинт1ера яьлла йу нана.
Къинт1ера и даккха некъ лоьху шена.

Дуьненан къовсамехь ц1ергара даккха,
Шен беран, б1аьрг белош, самукъадаккха,
Ирсе деш, заь1ап бер г1айг1анех даккха
Нур дашо можа малх лур бара нанас.

Заь1ап бер ийзалуш, эхь хеташ хуьлу.
Цамгаро ов тоьхча церан йуьхь кхулу.
Хилийша, адамаш, дашца комаьрша.
Цу берех хьерчайеш дегнийн дикалла,

Вайн къоман 1адатехь дегнашца дозу,
Заь1апчу берашна петохар доцуш,
Де эшнарг д1ататта, г1елван йиш йоцуш,
Уьш хьаста, дог эца, г1о дан ницкъ кхочу.

Цу берийн б1аьргийн нур лепийла сирла,
Малх санна екхна йуьхь даим хуьлийла.
Бусалбан нуьречу вайн динан сийнна,
Мискачех адамийн дика хьерчийла.

Азман Джабраилова


Рецензии