Дешнаш ца оьша
Безаман ц1аро ботту са кийра.
Дуьне хета сай , ахь еза аьлча.
Ирсан къайле сайна хьийза моьтта,
Б1аьргаш доьлу, ирсо хьоьсту,
Амма, хьо хира воций сайна хаьа.
Ткъа хьуна-м ца хаьа, наб яйна лели со
Сатуьйсуш хоьга, къайлаха.
Хьоьга йаздо бакъ долуш: ларамза,
Сайна а ца хууш муха, йа х1унда.
Дохко ца йаьлла, ца кхойкха, ца йоьлха
Амма йист йоцу безам г1отту сан кийрахь.
Лаьара хьоьца хьан некъаш декъа,
Лаьара стиглахь бетта нур леца,
Даимна ирсах цец юьйлуш.
Ткъа суна доьг1на лазамех г1атта,
Къона безам хьога кхойкхуш.
Яхиханова Л.Н
Свидетельство о публикации №122110602596