букъ т1ехьа маршонан т1емаш
Цергашца чкъоьраш а дуьйхуш ,
Шелонех вохвала г1ерташ
Бедаран кач хьалаийзош,
Ца дицло хьан цхьалха латтар
Такан чуьра къахьо а муьйлуш.
Мохо ца вуьтура латта
Пальтонан йух хьалакерчош
Б1аьргаш чохь дог1анийн марха
Хиш 1енош ессалехь лелаш..
Цхьаммо а ца вора тергал,
Цхьанна а бацара бала…
Ткъа суна-м гора хьан т1емаш,
Букъ т1ехьа маршонан т1емаш.
Леладан ца хиъна, йа дуйлаъ ца хиъна т1емаш..
Свидетельство о публикации №122101407678