Нохчийн сийлахь зудчун де

Нохчийн сийлахь зудчун де.

Къагалахь, сирла малх, хьо стигла балий,
З1аьнаршца хьасталахь дилхина дог,
Хьакъ долу нана йу,  ларам бан - алий,
Ирсан некъ гайталахь, цо буьллуш ког.

Хийла дог дагийна  б1аьрза и лийли,
Халонаш иэшайан х1итти и д1а,
Махкана орцаха хийлаза йийли,
Ца кхоош кийрара шен мерза са.

Йахалахь дуьненна хазалла гайта,
Сан Нана, сан Йиша, сан  Нохчийн йо1!
Дахарехь, кхин цкъа а бала ца лайта,
Мохк ларбан велла ахь турпала во1!

18. 09. 22ш. / Джабраилова / -Абубакарова Раиса.


Рецензии