Хьехархо
(Шовхалова Пет1матан лерина.)
Шерачу аренца, беркатан махкахь,
Къеначех, Чечана, олу йурт 1уьллу,
Бацалахь тесна куз , ломана йуххехь,
Геннара хьаьжча д1а, иштта сурт х1утту.
Йахь йолу турпалхой, муьлххачу хенахь,
Мохк ларбан 1емина, са кхоор доцуш,
Сатуьйсуш, цкъа гаре, набаран-г1енахь,
Чечанар мехкарий, дешех лун боцу.
Къона чкъор 1амадеш, хьаннал къа хьоьгуш,
Хьалхарчех 1адаташ, г1иллакхаш гойтуш,
Школашкахь белхаш бо нийса некъ хьоьхуш,
Турпалхойн сийлалла йойур йац бохуш.
Царах цхьаъ , йуккъерчу, кхолаг1чу школехь,
Физикан хьехархо, йиш йу вайн йовза,
Кхетам шен теллича , муьлххачу хьолехь,
Билгала йолу и хиларна говза.
Вовшашца ларам бу, г1иллакх ду лелаш,
К1оршаме доцуш дош хьехамца олу,
Пет1амат, оьцу т1е даггара йезаш,
Марша йан хьо тхуна, Пет1амат! - бохуш.
20. 08. 22ш. Ларамца / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
Свидетельство о публикации №122090501882