Мокхаза т1улг

МОКХАЗА Т1УЛГ

И хьан дог мокхаза т1улг хилла го,
Дависа кийрара хьан ша башо,
Ас дуьйцург д1ахаза дуй леран са?
Йиш йуй-те т1е иэца сан безам хьа?

Йиш юй-те ладог1а сан лазаме?
Догучу дачура д1айайъа ц1е?
Хьо ца гуш де-буьйса сингаттаме,
Ткъа гича, массарел ирсе ду де. 

Дуьйцучух ца тешаш 1аш ю те хьо?
Ца хууш мел б1аьрза хьийзаш ву со,
Йа, йу-те вас хилла аьллачух хьо?
Жоп ца луш, дехар ду ма витахь со.

25. 04. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.


Рецензии