Елалохьа, екхалохьа, Нана

Суна дуьне, дахар делла, Нана,
Х1ора де а беркате хьан хуьлда.
Хьайн са, дог ахь суна ца кхоийна.
Ирсе бералла ахь суна елла.

Кху дуьненахь со мел еха, Нана,
Декхарийлахь хир ю массо ханна.
Даггара сан баркалла ду хьуна
Марзонца со ахьа кхиаярна.

Сан во-дика соьца ахьа декъна.
1уьйре, суьйре суна ахь къагийна.
Хьо йоцург кхин дуьне дац со хьега.
Зезаг ду хьо кху сан дагчохь кхиъна.

Хьан хьехамо доьналла ло сунна.
Хьан аьхна ц1е суна  къилба хетта.
Везчу Деле ас ирс доьху хьуна.
Малх нуьре бу хьо соьца мел еха.

Хьо сайн йолуш, хастам бо ас Далла.
Юьхь кхоьлина цкъа а хьо ма гойла.
Сайн белшаш т1е оьцур ю хьан г1айг1а.
Елалохьа, екхалохьа, Нана!

Азман  Джабраилова


Рецензии