Делан совг1ат - рамадан

ДЕЛАН СОВГ1АТ - РАМАДАН

Вай Элчано ( с.1.в.с.) кхаъ боккхуш, хаам бина умматна,
Делан совг1ат Рамадан, герга хилча т1екхача ,
Йалсамане бархх1е не1 йоьллуьйтуш йу вай Дала ,
Жоьжаг1атан ворх1е не1 къовлуьйтуш йу Аллах1а !

Шен къинхетам боссийна, беркате бутт бу шуна,
Марханийн бутт  кхабарна, гечдеш ду вайн къиношна,
Шен къинхетам вайх барна, жинийн балех лардарна ,
Доггах ала деза вай - ЛАИЛАХ1А ИЛЛАЛАХ1 !

Дог1ан т1адам стиглара, къинхетам бу Делера,
Шен къинхетам т1ебожо х1усам къастош йу Дала ,
Шен совг1атна къастийна, шена безнарш бу шуна,
Доггах безаш кхобуш берш, марханийн бутт базбина!

Шун 1амалаш йохайан адам-иблис ду шуна ,
Адам куьце дирзина, шайт1анан некъ марзбина,
Кху совг1атах шу даха, эзар бахьна х1оттийна,
1амал кхочуш ца йайта ийманах шу дохуш дерг!

Ийман, Ислам ч1аг1дарца, сема хила дезар ду,
ЛАИЛАХ1А ИЛАЛЛАХ1 - алссам ала дезар ду!
Дегнаш ц1андеш къахьоьгуш, вовшех даша дезар ду,
Шайн ойланаш ц1анйина, вовше, лара дезар ду!

Лаьтта бужу цхьа т1адам, вайн Делера совг1ат ду,
Стиглара схьа доуьйтуш вайн Аллах1ан беркат ду,
Цу беркатах пайда бан, вайн Дала вай 1амор ду,
ЛАИЛАХ1А ИЛЛАЛАХ1 МУХЬАММАД РАСУЛУЛАХ1 !

Доггах дечу до1ийна Аллах1 жоп луш ву шуна,
Шен некъ лохуш волчунна, каро г1о деш ву шуна,
Делан лаам кхочуш бахь, вайн б1аьргий нур ва хилла,
Дала вайна гойтур бу, дуьненчохь, шен къинхетам !

Хьарамлочух туху куьг,  ца тохийта лардийр ду ,
Некъ нийсаниг хержина, нийса-ч новкъа валор ву,
Г1ибат дагчур даьккхина, ойланца хьо ойур ву,
ЛАИЛАЛАХ1А ИЛАЛЛАХ1 МУХЬАММАД РАСУЛУЛЛАХ1 !

02 . 04 . 22 ш . / Джабраилова/ - Абубакарова Раиса .


Рецензии