Махкара тезет
Делланза ца девли бохаман кевнаш,
Геннара схьакхечи цхьа шийла кхаъ,
Дахаран къовсамехь къастадеш девнаш,
Ненан дог шелдина, ц1авалий цхьаъ.
Къоналлех къахеташ тезетахь боьлху,
Хийрачу махкахь цо д1аделла са,
Чов хилла кийрара ненан дог доьлху,
Хьо санна, хийла к1ант, кхелхи-кха д1а.
Бохамо б1арзйина хьан х1усамнана,
Б1аьра хиш 1енадеш хьан доьзал го,
- Хьан к1антах дисина к1айн дуьне Нана,
Ас муха дуур-те, кхин доцуш г1о?..
Тезет ду х1оьттина, нана йу йоьлхуш,
И воцург к1ант воцуш йаьхнера кхин,
Моттара т1аьххьара барам мукъ лоцуш,
Шен к1анта кховдор йу лахьтийчу и.
Хийрачу махкара бохам схьакхаьчна,
Хийла к1ант бехкбоцуш вигна цо д1а,
Дависа, дуьненан харцо а иэшна ,
Т1еман лар ца йуьсуш, йаккха хьо д1а.
Дависа, къоналла хеназа хедаш,
Кхелхи шу, дахаран хадийна тай,
Аш делла дег1ан са, эрна ца хеташ,
Къаьмнашлахь х1уттийла машаран т1ай.
Йелхалахь йочанах х1ай сийна стигла,
Лелхахьа молханахь латта а хьо,
Йа Аллах1, вай к1ентийн ц1адерзош рицкъа,
Т1ом берзош орцаха валалахь Хьо!
31. 03. 22ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
Свидетельство о публикации №122040208381