САН ЛААМ

САН ЛААМ

Лаар-кха даиман шу дегнаш хьаста,
Луурш  а даггара кхочуш деш шун,
Дуьненчохь йоккху хан йойтуш шоь хаста,
Дог иэца , лаар-кха, доггаха шун!

Дависа, дуьненчохь даьржина питна,
Паччахьийн барт бина сацийна т1ом,
Кхин оьшуш доцу герз, ша долччохь дитна,
Шен махка дерзадан вайн Нохчийн къам.

Цатемаш хиллачохь, зезагаш девлла,
Диканца йерзаеш х1ораннан чов,
Дуьненан баланийн зама д1айаьлла,
Машарца дерзадан дуьненан дов!

Лаар-кха даимна шу дегнаш хьаста,
Вайн к1ентий ц1абоьрзуш, баккха шоь кхаъ!
Кхерамо къевлина, шу дегнаш даста,
Бертахь д1адерзадан, кху  т1еман да1!

01. 04. 22ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.


Рецензии