Вайн нохчийн къонаха
Хаьттича: - "Муьлхарг ву бакъволу Нохчо?"
Дуьззина хирдара сан дала жоп .
Вай Делан дош лардеш, еш цунах кхачо,
Г1ароллехь лаьтта и йуьйлина топ.
Дег1ана там лоьхуш цкъа а ца лела,
Юкъ йостуш, дег1 хецна и вехаш вац .
Махкара сингаттам берзо и г1ерта,
Махкана иэшча цо, букъ тухур бац .
Г1иллакхах бакъ волу Нохчо ца вуху,
Собаре хиларна ларбо цо нах.
Мостаг1на хьалха и гора ца вужу,
Доьналло хадабо Нохчочун мах.
Десачех къамелаш цкъа а ца дойту,
Делла дош даимма лардо цо шен.
Доьзалан декхар а кхочушдеш гойту,
Нахалахь йоккхуьйтуш оьзда ц1е - Ден.
Вайн Нохчийн Къонаха - ву боху хьоьга!
Шен мехкан Сий-Ларам бан хууш верг,
Къастийна халкъо и, хьажарна шега,
Вайн къоман г1иллакхаш шен сица дерг!
29. 01. 22ш. - /Джабраилова /- Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZU0JRZLF2w/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122040208057