Мархьаба- марша бан, беркате рамадан
Кханенна ойла йеш, йалл йезаш волчунна,
Вай Дала совг1ат деш йелла хан йу шуна,
Раджабан суннаташ - вайн Дела хаста ван,
Ша1бан бутт, - Элчанна ( с.1.в.с. ) суннаташ кхочуш дан.
Рамадан мархийн бутт - шен фарзаш кхочуш дан,
Вай Дала пурба луш диканца ойла йан,
1ожалла кхачале, барт-хаттам хилале,
Вайн кечам хилийта - шена т1е кхачале.
Саг1ийна комаьрша аьтту куьг хилийта,
Г1ийлачун хьал довзал, йуъчух хаьрдовлийта,
Хьаг1-гамо аьккхаеш , кийра шоь ц1анбайта,
Вовшашца барт-марзо ч1аг1ъеш къахьегийта !
Вай Дала совг1ат деш, йелла хан йу шуна,
Эвлийаи ох1луно йаьхна хан йу шуна,
Эвлийааш йийцина, т1аьххьар хан йу шуна,
Вайн Далла 1амал йеш, 1а дезаш ду шуна!
Маржа - йа1 Рамадан хьоьга сатийсаза ,
Раджаб бутт , Ша1бан бутт кхабанза битина ,
Дуьненан рицкъанах, эхират хийцина,
Хьан беркат довзаза хийла да висина.
Ламазца , марханца йалл иэца хьовсур ду,
Саг1анаш дахарца совдовла хьовсур ду,
Доьху хьоь йа Аллах1, ца хуург 1амадар,
Рамадан беркате, до1анаш кхочушдар !...
1 . 04 . 21 ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса
Свидетельство о публикации №122040208017