Шен вешина лом 1елина йишийн тамари б1арзделла са
Йоьлхуш, тийжаш со ца йайча,
Хийцина коч, мача йайча,
Сан нийсарой, ма мотталаш,
Дахаро ю, хьоьстуш, лелош.
Кийрар бала ас балхийча,
Деган лазам ас бийцича,
Хи чур т1улгаш дешар дара,
Латта хино хьул дийр дара.
Лаьтта кийра вирзи-те хьо?
Йа мархашка вели-те хьо?
Цхьаъ бен воцу нанас винарг,
Йиц йели -те нанас йинарг?
Делан кхеле вирзи-те хьо?
Йа дуьненчохь веха-те хьо?
Лаьцна ву-те, йа ву маьрша?
Мичахь ву-те ?- сан Лом 1ела.
Хьан г1иллакхаш дийца йоьлча,
Хьо мел оьшу,- ала йолча,
Хьан аматаш гайта йоьлча,
Ала дош ца тоьа суна.
Дег1ачохь сан, йовхо мел ю.
Воьхур ву хьо Везчу Деле,
Лом 1ела хьо ларве бохуш,
Сахаддалц ю кхойкхур Деле.
Со-м суьйранна ара йолу,
Г1уларехь гаре сатуьйсуш,
Жимчу юьртахь хьо ца вайчи,
Кийрара са карзах долу.
Стигал йала т1емаш доцуш,
Йа т1екхача аьтту боцуш,
Ц1ийна бакъо, - ваша воцуш,
Ма дуьсийла сан нийсарой.
1уьйренаш ас ларйийра ю,
Суьйренаш ас ларйийра ю,
Сан дег1ачохь йовхо мел ю,
Хьо, ц1авог1у, ас ларвийр ву.
18. 03. 22ш. Ларамца / Джабраилова/ - Абубакарова Раиса.
Свидетельство о публикации №122031808579