Минцаев 1аьлвина лерина
Жима ву, - аьлла и, д1атоттуш воцуш,
Вевзаш ву вайн махкахь 1аьрбийн к1ант -1аьлви.
Олу дош, йаздо дош, кхетаме долуш,
1адаташ, г1иллакхаш лардо цо к1оргге.
Дикачу ц1ент1ера хиларе терра,
Д1абийца орам бу дикачу к1ентан,
Веха юрт, дика нах баьхна юрт, - Шела,
Х1инца а, йоккхуьйтуш йолу ц1е шеха.
Йоккхайеш олу ас, - хьо, сайна вевза,
Гергара ву ала, дозалла хеташ,
Шелахойн дика к1ант, тхан хаза 1аьлви,
Хьан дахар хуьлийла, массерал ирсе!
06. 03.22ш. Ларамца / Джабраилова / -Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/Caw0TBkjJpG/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122030806969