Сий, ларам хуьлийла йаздархо хьан!
Йаздархо,- билгалвеш хьан де къастийна,
Ларамбеш, кхайкина, де даздар хьан.
Дуьненан хазалла башха хастийна,
Схьагайта, ницкъ бу хьан, дог хьостуш тхан.
Хьан б1аьрго лацанза х1ун ду-те дисна?
Х1ора дош дагах, сих кхеташ ду хьан.
Йозанах, йешархо цецволуш висна,
Ойлано сурт х1иттош б1аьргашна ган.
Дика-во далхадан пох1ма а делла,
Вай Дала холкъанна кхоьллина хьо,
Ахь дашца йохье а воккхуш, ницкъ белла,
Халонаш иэшийна, хийла стаг го.
Вахалахь йаздархо, вайн Нохчийн къома!
Ненан мотт марзбарехь, хьегалахь къа,
И буьйцуш ца висахь ,- хьежа цхьа гома,
Т1аккха бен хьоьгу къа эрна дац хьан.
Ницкъ лойла, - доьхур ду, Везачу Деле,
Марзбарехь къа хьоьгуш ч1аг1бан вай Мотт!
И бицбеш хилла зие диллина кхеле,
1адаташ ч1аг1дина, г1аттабан Мохк!
04. 03. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CarTNWUr1Qg/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122030404797