Сан доттагийн тоба!
Марша я хьо Нохчийн къома,
Барт болу доттаг1ийн тоба,
Цхьанге вай ца хьоьжу гома,
Сица ду вайн онда собар.
1уьйре йеъча - и декъал йеш,
Де д1а доьдуш - марзо ч1аг1ъйеш,
Буьйса йеъча - 1одика йеш
Йахло зама, кхане ларъйеш!
Кхане йог1у марзо йохьуш,
Г1иллакъ-г1уллакх шеца дохьуш,
Ирсе хета шу сайца гуш,
Дика-вуо вай вовше доькъуш.
Б1аьсте йог1уш, дегнаш хьостуш,
Де мел долу дахар толлуш,
Безам , тешам , ларам болуш,
Дехар ду вай зама йоккхуш.
1уьйре латтийла вай ирсе,
Даим вай хьийзила дикне,
Беркат дохьуш йог1уш кхане,
Маьрша гойла дерриг дуьне!
Ларамца - / Джабраилова / - Абубакарова Раиса. 27. 02. 22ш.
https://www.instagram.com/p/CaeVl51LFjR/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122030200361