Кхаъ бохьуш йог1ийла т1ейог1у б1аьсте!

КХАЪ БОХЬУШ ЙОГ1ИЙЛА Т1ЕЙОГ1У  Б1АЬСТЕ !..

Марша йа керла хан, б1аьстенан зама,
Хьо йеънарг хуьлийла доьлху дог хьаста.
Сингаттам сов баьлла йоьлхучу Ненан,
Зулам д1адаьккхина, ницкъ бу хьа - тейан.

Чолхе ду х1оьттин хьал. Б1аьсте, со кхета,
Атта  ца кхерийна дилха дог Нена,
Делахь а б1аьсте , хьан таро ю ч1ог1а,
Ницкъ бу хьан, ца дайта, Ненан дог г1ора.

Марзо йу, йовхо йу йохьушйерг хьайца,
Дуьненан хазалла йузуш йу хьайха,
Доьху хьоь, керлачу хазаллийн дуьхьа,
Ма дита дала дог, - туьйсуьйтуш туьха.

Бехьа барт, доьху хьоь, къаьмнашна йуккъехь,
Ма бити сингаттам цхьаненна йуххехь,
Ц1ий 1анош кхуссу герз , сихаллийн бала,
Собарца йаккхийтахь маршонан г1ала.

Ма йиш йац йелхийта цхьанне а Нана,
Х1усамаш йохийна хьийзийта цхьа а,
-"Зулам д1адаьккхи ас !" - алий кхаъ баккха,
Хуьлийла йеъна хьо, и т1ом д1абаккха !..

1. 03. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CajjltIrI_p/?utm_medium=share_sheet


Рецензии