Махкана беркат ду исбехьа юрт
Даьржина бетта нур, лахьийча санна,
Цу маьлхан з1аьнаршца беркат сов даьлла,
И хазна дебийна, гулъйина Дала,
Шукур деш, аренца юрт йилли наха.
Ц1ули берд, хьо бахьнехь юьртан ц1е йисна,
- Г1у чуьра хи эца бог1уш нах хилла.
Г1у, ларрий - ц1е йоккхуш- уллохь юрт кхиъна,
И беркат ца дицдан лерехь и йитна.
Шайн х1усам латточу ненан дог хьоьсту,
Де, йоккху ц1е ларъйеш, говза сий ойу.
Барт цхьаъ бу йиш-вешийн, вовшен дог оьцу,
Дай г1иллакх лардарехь онда къа хьоьгу.
Диканна вонна а ков доьллу цара,
Сингаттам юьртара шайн хета царна,
Харцонна дуьхьала, юкъ йоьхкуш - лаьтта,
Даьккхинчу орцанна юьстах ца лаьтта.
Юьртана го тоссий Соьлжа хи дог1у,
Кегирхой безамна хийисте бог1у,
Тулг1енаш етташ шен Соьлжа ду доьдуш,
Безамна некъ буьллуш, царна теш х1уьттуш.
Щирачу 1адатийн г1иллакхаш лардеш,
Сий до хьан Г1улари, ца го хьо тишъйеш,
Къа дац хьан, кхетам луш ни1маташ лардеш,
Къаношка ла дуг1уш, къонахой лаьтташ.
Аш соьга хаттар дахь Г1уларех лаьцна,
Дог ц1ена дала жоп хир ду сан тахна,
Г1уларехь, х1усаман цхьа шун ду латтош,
Цу шуьнехь ийман а ислам ду лаьтташ.
05. 02. 22ш /Джабраилова/- Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZlZSs0KxZC/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122022500090