Б1арзйелла ойланаш, гатделла са!
Де -дийне мел дели, йахйелла хан,
Зама йу йоккхуш йерг, ца кхеташ чам,
Хьомечу махкара схьахьоькху чан,
Мехала хетало, бо цуьнан хам!
Паналлехь: - "Даймахкар хезий-те аз?"
Ладоьг1уш дег1асте, йоккху цо хан,
Даймахках къаьстина велла и б1арз,
Лууш ву ц1аверза шен махкахь 1ан.
Дагчуьра ца болуш - хьомсара мохк,
Вовшашка, г1иллакхе бийцина мотт,
Го и хьан б1аьргаш чу йилларх а дохк,
Кхочу и хьан лере, х1оттарх а потт...
Бераллехь дуьйна ша къийсина йахь,
Йиц ца йеш, латтайо, цуо' к1оргенехь,
Шен дагчохь йисина тим санна къахь,
Ца ла луш, лаьтта и, цу паналлехь...
17. 02. 22ш. /Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaFim9xrgiM/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122022400364