Махкаха дахар!!!

МАХКАХА ДАХАР !!!

Буьрсачу 1аьн йуккъехь, бехк-гуьнахь доцуш ,
Т1е-кога йохийта  луш цхьа хан йоцуш,
Йа кара кховда еш ,  схьайалар доцуш,
Махкаха вай дахар, - хезнери шуна?!..

Вайн къоман 1адаташ тидаме доцуш,
Зударийн, божарийн,  бехк-ларам  боцуш,
Шийлачу шалонех декъаз къам дуттуш,
Сибарех бехха некъ,- хезнери шуна ?!..

Собарах ца бухуш, - харцо йи, - аьлла,
Йа йохьах ца бухуш, - хало ю, - аьлла,
Делан кхел йу! - аьлла,  собаре хилла,
Хало ловш бина некъ, хезнери шуна ?!..

Шелвелларг, г1елвелларг -гуо юккъе узуш,
Дег1ачохь йисина син-йовхо йоькъуш,
Зуькарца, шовкъаца вай Деле доьхуш,
Сибарех д1акхачар, - хезнери шуна?!..

Хьоькхучу цу дорце, схьакхаьчна бохуш,
Шалонаш йассайар, къахетар доцуш,
Йаьссачу аренгахь, цхьа кечам боцуш,
Луо йуккъе вай кхийссар,- хезнери шуна?!..

Вайн к1ентий сецна барт - хезнерий шуна?!...
Дай-наной, йиш-ваша,  гуо юккъе лоцуш,
Шайн дог1мех ога дан, коьртех тхов къовлуш,
Д1аделла шай синош -хезнери шуна?!...

Шийла 1а, къиза 1а - къинхетам боцуш!..
Г1ора беш, чахчабеш - къежар бен доцуш,
-Хьо везар ч1аг1делахь!  Йа Аллах1! - бохуш,
Турпалхойн даьлла са, - хезнери шуна?!..

Са тоссуш ло сецча, де делкъе даьлча,
Дийначех цхьа хир вац, ойланехь сецча,
Канойна  гуо юккъахь  дийна  нах  байча,
Сий ойуш, бина ларам - хезнерий шуна?!...

Сий хуьлда Турпалхойн х1ора а хена,
Шу кхиош хьегна къа эрна дац нена,
Хан-зама мел йели  доьхур ду Деле.
Сий ларам хулийла шу тайпа неха.

Шу къина йоьлхур йу йазъйелла мархаш,
Уьш йелхарх байлур бац кийрара бала,
Хеназа аш делла г1азотехь синош,
Къинхетам сов болчу даздойла Дала!..

15 . 01 . 2021 г / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaRRwJiqVwe/?utm_medium=share_sheet


Рецензии