***
Къонахчун ц1е ю ахь йитинарг йаккха,
Эрна ца хьешна ахь дуьненчохь латта,
Махкаха дог лозуш харцо д1айаккха,
Хьегна къа, бина некъ - ларамца бисна.
Зама мел д1аидарх б1ешераш хилла,
Халкъалахь хьан ц1е йац йисина 1илла,
Бахамна нахарташ лоьхуш ца лелла,
Хьарам а хьанал а къастадеш ваьхна.
Эхь-бехк хьайн лардарехь 1у хилла лелла,
Тоьхначу дозанал цкъа т1ех ца ваьлла,
Байташца х1ора дош тхан лере деъна,
Хьан байташ ца йайна , иллешкахь йисна.
1аламо х1оттийна хьо воцуш тезет,
Кхочуш деш т1еххьара ахь дина весет,
Къа хьоьгуш гулдинарг ца дитна тесна,
Лар йуьллуш дитинарг, халкъалахь дисна!
15. 02. 22ш /Джабраилова / - Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZ_9fOBKqnR/?utm_medium=share_sheet
Свидетельство о публикации №122021600689